Индустриальни парк йан лерина ТӀехьа-Мартан кӀоштахь

Индустриальни парк йан лерина ТӀехьа-Мартан кӀоштахь.

Цунна лерина майда билгалйаьккхина кӀоштан куьйгалло.

Оцу хьокъехь хаам бина Экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министра Шаптукаев Рустама.

Цо билгалдаккхарехь, билгалйинчу майданна оьшшуш йолу инфраструктура а, хьелаш а кхолларан гӀуллакхаш хӀинцале а дийцаре дан долийна ду кӀоштан векалшца.

Йуьйцуш йолчу индустриальни паркехь тайп-тайпана сурсаташ дар ду Ӏалашонехь, цуьнца цхьаьна, меттигерчу бахархошна керла белхан меттигаш кхоллар а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: