Маьршачу нахана ю маьрша Нохчийчоь!

kadyrov_soveshanie_zhkkh

Герггарчу хьесапехь иштта дIахьедар дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан Парламентан депутаташца, нуьцкъалчу структурийн векалшца, муниципалитетийн куьйгалхошца, районийн къеданашца, маьждигийн имамашца дIаяьхьначу йоккхачу кхеташонехь. Цо аьлла ма-хиллара: «Иблисан пачхьалкха» юкъахь болчу регионан бахархошна бихкина  бу Даймахка богIуш болу некъ. ХIунда аьлча «иблисан пачхьалкхан» гIеранаша адамаш дайъа, талораш дан Iамабо шайна юккъе кхаьчна кегийрхой. Оцу зуламашна Iеминчарна цкъа мацца а цIа берза луур ду. ТIаккха царна шайн дай баьхначу лаьтта тIехь а зуламаш дан луур ду. ШайтIанийн оцу гIеранех дIакхеттачарах къиза адамаш хуьлу. Церан Iалашо ю зулам даржор, адамашкахь кхерам латтор. Амма ас дош ло шуна Нохчийчуьра дIа а вахана, ИГИЛ-х дIакхеттарг юха кху чу вогIург цахиларх».

Иштта, республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира Россина кхерам туьйсуш долчу шайтIанашна дуьхьал, уьш муьлххачу меттехь хиларх а, Шемахь я Иракехь, царна дуьхьал болх дIахьуриг хилар. «Иблисан пачхьалкхо» шен байракхаш кIел гулдина дерриге а дуьненара шайтIанаш. Цара адамаш дойъу, уьш мелла а къиза дайъа гIерта уьш, цунах там хуьлу царна. Цундела боху ас Нохчийн махкахь оцу гIеранан декъашхой муххале а хуьлуьйтур бацара вай, ур-аттал цаьргахьа ойла йолуш верг а вуьтур вац», – элира Кадыров Рамзана.

Цо дийцарехь, хадам боллуш гIуллакхаш дан деза вайн кегийрхой террористийн  тобанашна юккъе ца ийзабайта. Оцу декъехь къаьсттина доккха жоьпалла ду кегийрхойн дай-наношний, гергарчарний, верасашний тIехь. ХIинца а вайн кегийрхой Iехош хиларна тоьшаллина далийра цо пIераскан дийнахь Соьлжа-ГIалахь хилла бакъдерг. Оцу дийнахь хIаллаквира бандитийн гIеранан ши декъашхо. Республикин пачхьенехь цхьамогIа теракташ, диверсеш ян дагахь хилла уьш. «Оцу зуламхойн хьокъехь хаамаш кхаьчнера тхоьга. Уьш схьалацарехьа  хьокъала боллу болх а бара беш. И бахьанехь аьтто белира даккхий зуламаш ца хилийта а, адамаш дайъар ца хилийта а», – бохура Р.Кадыровс.

Республикин бакъонаш ларъяран органийн белхахоша сиха а, говза а дIаяьхьна леррина операци бахьанехь хIаллаквира ши зуламхо. И шиъ Старопромысловски районерчу Кренкелан урамерчу цхьана цIа чохь хаавелира. Шайга карадуьйла аьлча, цара полицин белхахошна герзаш туьйхира, шинна яйн чов а еш. Дуьхьал герз тоьхна вийра ши бандит.

«И санна дерг наггахь бен хуьлуш дацахь а, вай дерриге а дан деза цхьа а жима стаг оцу шайтIанийн буйна ца вахийтархьама, республикерчу хIора вахархочух долу жоьпалла вайна тIехь ду! Маггане а мегар дац вайн кегийрхой цхьаьнгга а Iехабайта, уьш цIерга кхийсийта», – дерзийра шен къамел Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Д.АНАДЕВ

 № 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: