
Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин «АХМАТ-1» ОМОН-н 300 гергга бӀаьхо дӀавахана Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортехула дӀабоьлхуш болу уьш новкъабехира Парламентан спикера М.Даудовс, вице-премьера А.Висмурадовс, Къоман гвардин НР-ла йолчу Урхаллин хьаькама Ш.Делимхановс, кхечара.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Шен хааман костехь цо билгалдаьккхина и бӀаьхой, зулам а иэшош, сихонца а, толамца а могаш-маьрша цӀаберзаре ша а, халкъ а сатуьйсуш хилар.
Цул сов, нийсо вайгахь хилар а, кхиамца тӀегӀертачу Россин эскаршна дуьхьало йан ницкъ мостагӀехь цахилар а тӀетоьхна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.