
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана кадам бина Хасбулатов Руслан кхалхарца.
«Къоман къеггина векал кхалхар боккха иэшам бу нохчийн халкъана. Ӏимранан Русланан доьзале а, гергарчаьрга а даггара кадам бо ас! Веза-Воккхачу АллахӀа къинхетам бойла цунах!«, — йаздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Telegram чуьрчу шен каналехь.
Иштта, шен кадаман костехь цо билгалдаьккхина Хасбулатов Руслан Россехь а, дуьненахь а цӀейаххана политик, Ӏилманча, экономист хилла хилар.
РСФСР-н Лакхарчу Кхеташонан тӀаьххьара куьйгалхо лаьттина а, Г.Плехановн цӀарахчу Россин экономикин университетан Дуьненан экономикин кафедрин куьйгаллехь къахьегна а вара иза.