
ЦӀейаххана политик, Ӏилманча, РСФСР-н Лакхарчу Кхеташонан тӀаьххьара куьйгалхо Хасбулатов Руслан кхелхина.
Россин Президентан Ельцин Борисан белхан накъост а, тӀаьхьа, коьрта оппонент а хилла вара иза.
1994-чохь дуьйна Г.Плехановн цӀарахчу Россин экономикин университетан Дуьненан экономикин кафедрин куьйгаллехь къахьоьгуш вара.
Иштта, «Профессор Хасбулатовн машаран мисси» а вовшахтоьхнера цо оццу шарахь.
1942-чу шеран 11-чу беттан 22-чохь (Соьлжа-ГӀала) дуьненчу ваьлла вара Хасбулатов Руслан.
Дала гечдойла цунна!