
Йоккха АтагӀа а, Жима АтагӀа а Орга тӀехула хӀоттаран гӀашлойн тӀай тилларан белхаш дӀахьош бу.
И болх сихонца дӀаболор гӀуран (декабрь) беттан чаккхенехь шен хиллачу пресс-конференцехь дӀакхайкхийнера Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Хьалхуо цигахь хилла тӀай чудоьжна хиларна, керла тӀай тилларца накъосталла оьшуш, оцу пресс-конференцин гурашкахь меттигера вахархо Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца зӀене валарца доьзна дара иза.