Кадыров Рамзан: Таханлера де маьӀне а, мехала а ду нохчийн халкъана

Нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахӀотторан денца Нохчийчоьнан бахархой декъалбина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

«МаьӀнечу а, башхачу а терахьех цхьаъ ду вай тахана билгалдоккхург — Нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахӀотторан де«, — йаздина цо Telegram чуьрчу шен каналехь.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаккхарехь, Казахстанан а, Йуккъерчу Азин а латтанашкахь 13 шо даьккхинчу вайн халкъана башха де ду иза.

«Бохамечу оцу шерашкахь, шело а, мацалла а бахьана долуш, тӀеккӀал кхелхина бераш, зударий, баккхийнах. Кхиберш, даа-мала а, тхов-кӀело а лоьхуш, хийрачу аренашкахула лелла«, — тӀетоьхна цо.

Сталинан адамалла йоцу и «таӀзар» вайх хьарчаран бахьана а довзийтина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана — цхьа а тоьшалла доццушехь, немцойн эскаршна гӀо деш ду аьлла, вайн халкъана тӀе бехк-бала биллар.

Иштта, цо дага ма-даийттара, 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чохь бен дӀахӀотта йолайелла йац нийсо а.

Оцу дийнахь, куьйгаллехь Хрущев Никита а волуш, СССР-н Ӏедало сацам бира НГӀАССР меттахӀотто.

«И бахьана а долуш, шен Даймахка йухадерза аьтто белира вайн халкъана«, — йаздина республикин Куьйгалхочо.

Цул сов, мел халонаш а, баланаш а шаьш лайнехь а, вайн дайша а, дедайша а, церан дайша а, йахь дӀа ца луш, культурин а, синан а мехаллаш вайна Ӏалашйина хилар а хаийтина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: