
Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь НАТО-н а, бандерхойн а зуламашна тӀехь Россига толам баккхийтарна йукъахь доккха дакъалоцуш йу Нохчийн Республика.
Ша дӀайаьхьначу ТӀеман леррина операцин гӀуллакхашкахула йолчу Республикин штабан кхеташонехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, 21 эзар гергга нохчийн бӀаьхо ву йуьйцучу операцехь дакъалаьцнарг, шайх 9 эзар сов бӀаьхо хӀинца а тӀеман зилашкахь а волуш.
«Мел оьшучу барзакъца а, герзаца а кхачо йолуш ву царах хӀора а. И бахьана долуш, шайн декхарш эвсара кхочушдар а хуьлу церан. Вайн бӀаьхошна оьшшучу хӀуманца кхачойаран гӀуллакх сайн тергонехь латтош ду ас. Цул сов, нохчийн буьйранчашца зӀенехь а ву со. Церан белхан эвсаралла а лакхайоккху цо, муьлхха а кхачамбацарш каде дӀа а дахало«, — билгалдаьккхина республикин Куьйгалхочо.
Иштта, шен тӀедилларца а догӀуш, нохчийн бӀаьхойн дакъошна йукъахь цхьаьнагӀуллакхдаран болх Россин Пачхьалкхан думин депутата Делимханов Адама дӀахӀотторна тӀе тидам а бахийтина Кадыров Рамзана.