Вайна юкъара дIаваха мехкан меха политикин гIуллакххо, къонаха, бакъволу нохчи, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Абдурахманов Дукхуваха. Абадера Ахире кхаччалц лелаза ца йолу Делан кхиэл лийли, нохчийн дерриге а къоман дог Iовжош.
Вайн республикана, халкъана чIогIа оьшуш, ца хилча йиш йоцуш стаг вара иза. Нохчийн халкъана уггаре а кхераме денош тIедаьхкича, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина тешаме накъост, гIортол хилла дIахIоьттинчу хьалхарчу къонахех цхьаъ вара иза, дуьне дохарх цунна юххера вер а воцуш. Цуьнца цхьаьна дуккха а халчу киртигех, зерех чекхвелира иза. Ахьмад-Хьаьжа цунах чIогIа бIобулуш вара.
Ямартлонца, кIиллончийн стешхаллица Кадыров Ахьмад-Хьаьжина боккха бохам баьккхича, иза нохчийн халкъех дIакъастийча, халкъ хьере хилла хьийзачу деношкахь Ахьмад-Хьаьжин кIентан Кадыров Рамзанан цIе яьккхинарг, дас айбина толаман, машаран байракх Рамзанехь хила еза аьлларг Дукхуваха вара. Ша бакъдуьнена дIаваххалц Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна аьрда бIогIам, ондда тIетовжийла хилла лаьттира иза. Шена тIедиллина мел чолхе, жоьпалле гIуллакх юьхькIам боллуш чекхдоккхура цо.
Абдурахманов Дукхуваха нохчийн халкъана муьтIахь кIант вара. Цуьнан дуьхьа шен са а кхоор доцуш. Иза цо шен вахарца дуккхазза а ган а гайтира. Дала гечдойла цунна! Дала декъалвойла иза! Дала ийманца собар а, собарца ял а лойла цуьнан гергарчарна, халахетаран дакъа мел кхаьчначунна.
Нохчийн Республикин къоман политикин. арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство.
Республикин юкъараллин-политикин «Даймохк» газет
№ 72, шинара, 30 июнь, 2015 шо

Дала вахна меттиг декъал йойла. Дала гечдойла.