
Украинехь тӀеман леррина операци дӀайолийча дуьйна 18 млрд. сов салават диллина Мухьаммад Пайхамарна (ﷺ) Нохчийчоьнан бахархоша.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхина и салаваташ вайн йукъаралло нохчийн бӀаьхошна тӀера дехкина хилар.
Цул сов, 307 эзарза сийлахь Къуръан а чекхдаьккхина, тайп-тайпана гӀоьналлин акцеш а, кхидолу гӀуллакхаш а дӀадаьхьна.
«Нохчийн бӀаьхойн дай-наноша, вежарша, йижарша тахӀаджуд ламазаш латтийна йартийн а, гӀаланийн а маьждигашкахь. НР-н хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кӀентан йоьӀан, Соьлжа-ГӀалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькаман Кадырова Хадижатан дӀадолор къобалдира вайн бахархойн дегнаша«, — йаздина республикин Куьйгалхочо.
Цо билгал ма-даккхара, и ламазаш даран коьрта майда а хилла дӀахӀоьттинера Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Соьлжа-ГӀалин йуккъера маьждиг.
«Халачу муьрехь цхьаалла а, барт а гайтинчу нохчийн халкъана доккха баркалла боху ас«, — йаздина Кадыров Рамзана.