
Дийно-дийно кхуьуш йогӀучу Соьлжа-ГӀалин экономика кхиорна тӀе а алссам тидам бахийта лерина меттигера Ӏедал.
Пачхьенан мэра Кадыров Хас-Мохьмада билгалдаккхарехь, экономикин декъехь кхиамаш хилар промышленность кхиаме хиларца догӀуш ду.
Промышленностан а, энергетикин а министраца Хакимов Адамца хиллачу цхьаьнакхетарехь бина цо и хаам.
Цул сов, инвесторшца беш болу болх кхин а жигарбаккха барт а хилла цигахь.
Иштта, карарчу беттан чаккхенехь цхьамогӀа инвесторшца цхьаьнакхетарш дӀадахьар Ӏалашонехь хиларна тӀе тидам а бахийтина.