
Устрада-ГӀалахь схьадиллина керла маьждиг.
Вайн махкахь ламасте дирзина ма-хиллара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах дина ду иза.
Масаев Каташ-Хьаьжин цӀарах долу и маьждиг меттигерчу бахархошна а, машенашкахь болчу некъахошна а лерина ду.
«Делан хӀусам» схьайелларехь мовлад а дешна, сагӀа а даьккхина.