70 км аса а йуьгуш, «Ведучи» курортана токаца кхачойийр йу

Куьйгаллехь Россин Пачхьалкхан думин депутат Делимханов Адам а волуш, Нохчийн Республикин энергокомплекс кхиорехула йолчу кадечу штабан кхеташо дӀайаьхьна Соьлжа-ГӀалахь.

Цигахь дакъалаьцна «Чеченэнерго» а, «Нийсо и К» а йукъараллийн векалша.

Йийцаре йина энергокомплекс кхиоран декъера Ӏалашонаш а, кхочушдан деза гӀуллакхаш а, бан беза белхаш а.

Циггахь билгалдаьлла Итон-Кхаьллан кӀоштарчу «Ведучи» курортана токаца кхачойаран гурашкахь 70 км токан аса йуьгург а, трансформаторан подстанци хӀоттор а хилар.

МаьӀнечу гӀуллакхийн могӀарехь ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортан токаца доьзна хьашташ а кхачаме кхочушдар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: