Аздиева Иман

IMG-20150630-WA0007

Йина 1992-чу шарахь Нажи-Юьртан районерчу Зандакъа юьртахь. Цигара №2 йолу юккъера школа чекхъяьккхина. Школехь доьшуш йолуш дуьйна байташ язъеш ю. Цхьаерш зорбане йийлина районийн «Халкъан дош», «Машар», «Гумс»  газеташкахь. Иманан дукхах йолу байташ Даймахках, 1аламах лаьцна ю. Уьш шун кхиэле йохку оха:

Даймахкахь

Хаза зевне аьзнаш дека,

Даймохк хестош мехкарийн.

Ирсо хьоьстуш, ала илли,

Векал йи со даго сайн.

 

Екхна стигал теш а лоцуш,

Шен з1аьнаршца къедаш малх,

Бохь буг1уш къонахий болуш,

Хелхарш до вайн Нохчийчохь.

 

Хьийзаш къоркхокхий долуш,

Екхна стигал сийна го.

Даймохк хазбеш, лекхчу ломахь,

Йоьтти сийлахь нохчийн б1ов.

 

Гуьйре

 

ГIаш эга Iаьржачу  лаьтта,

Дитташ го худалуш денна.

Мела мох шабаршца хьаьдда,

Гуьйренан уьйтIа сихбелла.

 

Кечам беш шийлачу Iанна,

Чудерзий хьийкъина ялташ.

Бовхачу махка дIайоьлхуш

Стиглахь го гIаргIулийн жатташ.

 

Генарчу сийначу стиглахь

Бу церан шатайпа могIа.

Сатесна бовхачу махка

Йоьлху уьш тIемаш шайн лестош.

 

Зорбане кечйинарг – З.САГАЕВА

№ 73, еара, 2 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *