
«Вайнах» гран-прин совгӀаташ а луш, республикин тӀегӀанера шахматийн турнир дӀайаьхьна С.Михалковн цӀарахчу берийн библиотекехь.
Нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахӀотторан денна лерина йара иза.
2010-чу шарера а, кхин къона а волу 33 шахматхочо дакъалецира цигахь.
Шина декъехь дӀадаьхьира къийсадаларш: 1) 2012-13 шш.; 2) 2010-2011 шш.
Ткъа жамӀаш иштта нисделира:
1-ра дакъа: 1) Мусаев Мухьаммад; 2) Асуев Хас-Мохьмад; 3) Ерзункаев Зураб;
2-гӀа дакъа: 1) Лоскутов Стас; 2) Дрыгина Дарья; 3) Исмаилов Ислам.