Кадыров Рамзан: Вайн махкара дӀабаханчарах 0,01% нах бу нохчийн къоман цӀе бехйеш

Нохчийчуьра дӀабаханчарах 0,01% нах вайн къоман цӀе бехйеш бу.

Селхана социальни сеташкахь шен хиллачу дуьххьалдӀачу эфирехь оцу хьокъехь дӀахьедар дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

«Шайна бух а ца бевза холхазан куйнаш а техкина, галстукаш а оьхкина, малхбузехьарчу нахах тарбала гӀерташ иттаннаш нах бу. Духар церан йа нохчийн а, йа малхбузехьарчу нехан а духарца догӀуш дац. Шайна хӀун лаьа хьовса безаш бу уьш. Цхьаннах йозуш йоцу шарӀан пачхьалкх а йеза царна, терроризмаца йоьзна йукъараллаш къобалйеш а бу уьш. Нагахь шайна хуьлуш пайда бацахь, царна йа Ичкери а, йа Кавказ а ца оьшу, йа цхьанхьа дакъалаца лууш а ца хуьлу. Амма, нагахь пайда хир болуш хьал хилахь, уьш сихонца цунна декъехь а карабо. Йа тӀаьхьалуоне болу хьежам а, йа шайна хӀун лаьа а хууш нах-м бац уьш«, — билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: