
«Герои СВО» аьлла а болуш, дӀасалелабен гайтамаш вовшахтухур бу вайн махкахь.
«Шайн Даймехкан гӀаролехь» проектан вовшахтохараллин комитето дӀайаьхьначу кхеташонехь оцу хьокъехь дийцира Республикин «Турпалхой» боламан куьйгаллехь волчу Абдулвагапов Жабраила.
Абдулвагапов Жабраила дийцарехь, дӀасалелабен «Герои СВО» гайтамаш Донецкан а, Луганскан а халкъийн республикаш мукъайохуш билгалбевллачу а, тӀеман операци дӀахьош кхиамаш гайтарца а догӀуш, пачхьалкхан совгӀаташ динчу а вайн турпалхошна леринчу хаамех лаьтташ хир бу.
3 гӀалахь а, 10 кӀоштахь а уьш дӀабахьар ду Ӏалашонехь:
• гӀаланаш: 1) Соьлжа-ГӀала, 2) Устрада-ГӀала, 3) Гуьмсе;
• кӀошташ: 1) Хьалха-Мартан, 2) ТӀехьа-Мартан, 3) Эна-Хишкан, 4) Шелковски, 5) Невран, 6) Теркан, 7) Курчалойн, 8) Шелан, 9) Шуьйтан, 10) Нажи-Йуьртан.
Цул сов, дешархошна а, студенташна а (2 600 стаг) лерина культурин-серлонан экскурсеш а дӀахьур йу.
Гайтамийн стендашна тӀехь 150 турпалхочун хьунарш а, гӀуллакхаш а довзийтаран боцца хаамаш а, шайн декхарш цара кхочушдарехь даьхна суьрташ а хир ду.
Проект кхочушйийр йу Культурин декъерчу дӀадолорийн Президентан Фондан грантийн чоьтах.