Къоман сатийсамашца вехарг…

IMG_1467

Нохчийн Республикин  кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь  жигарчу белхашца билгалваьллачарех цхьаъ ву доьзалан  политикин, социальни хьашташ кхочушдаран отделан говзанча  Цацаев  Апти.

Говзанча  аьлча, иза шен  хааршца я корматаллица бен къаьсташ вац  аьлла хетадала  тарлур ду. Апти – оьзда, хьекъале, шен дас-нанас  дика  кхиийна доьзалхо ву алар  нийса  догIуш ду цуьнан  амал гайта,  васт кхолла.

Дуьненчу валар а, дешар а Нохчийн  махкана генахь  хилла. Иза  1985-чу шарахь Малхбузерчу  Казахстанехь  Новопаловск юьртахь вина.

1989-чу  шарахь Подстепное  гIала Iен-баха   дIакхелхина  кхеран  доьзал, 1992–2003-чуй шерашкахь  цигара школа  чекхъяьккхина.  2003–2007-чуй шерашкахь – Казахийн-оьрсийн  дуьненаюкъара  университетан  финансин  факультет.

2004–2009-чуй шерашкахь  – лакхахь  хьахийначу университетан  «юриспруденция» факультет.

2005–2008-чуй  шерашкахь  Европейски  Университетехь «гIуллакхийн  администратор» факультет  яьккхира Актобе  гIалахь.

2007–2009-чуй  шерашкахь  Санкт-Петербургехь Iилманан-талламан институтехь  культурни а,  Iаламан а тIаьхьалонан  магистратура яьккхина.

2007–2008-чуй шарахь  Казахски  университетехь  хьехархочун  болх бина. 2008–2011-чуй шерашкахь  Уральск  гIалахь  экономикин-банкан  колледжан директоран  заместителан болх  бина.

2012-чу шеран  февраль баттахь  Цацаев Апти  Нохчийчу   цIавеана.

Массо а кепара  хаарш  гулдина, шен  Даймахках,  цуьнан  кханенах дог лозуш  хиларе  терра, цунна лиира   Нохчийн Республикехь кегийрхойн  политика кхочушъярехь жигара   дакъалаца. ХIетахь  кхузахь  кегийрхойн гIуллакхашкахула  йолу   комитет яра. Доьзалан  политикин, социальни  хьашташ  кхочушдаран  отделе  балха  хIоьттира  иза. Республикерчу кегийрхошна  юкъахь уггаре а  лазаме   долчу  гIулллакхах  проект  язяр дийхира Аптига. Нохчийн Республикин  Куьйгалхочо  Кадыров  Рамзана леринчу тидаме  диллина дара  ярташкарчу кегийрхойшца  болх бар  совдаккхар. Уггаре а лазамениг,  кест-кеста   хуьлуш  дерг  иза   къона доьзалаш,  кхоллабелла а бовлале,   дIасакъастар. Аптина  хаьара  доьзал  бохар  иза  да-нана  дIасакъаьстича  доьзалхо  цхьалха,  терго йоцуш  висар  дуйла, дукхах  долу   дIасакъастарш   кегийрхойн   собар,  ийман  ца  тоарна  хуьлуш  дуйла.

Иштта, оцу   хьоькъехь   проект   язйира  Цацаев Аптис.

Дуьххьара, хIора районехь  йолчу  ЗАГС-н  статистика  вовшахтуьйхира. Керла   кхоллабелла  доьзалш а, дIасакъаьстина  доьзалш  а мел  бу   хиира. Церан бахьанаш  теллира. Iилманчийн цхьацца  белхаш  а  Iамийра. И дерриге  а хьесапе  оьцуш  язъйина  проект   къобалйира. 2012–2013-чуй  шерашкахь  Нохчийн Республикин   ерриге а  районашкахь  кегийрхошца   цхьаьнакхетарш   деш, доьзал   кхоллабаларх, бохарх  лаьцна  дерг бусалба  дино   ма-бохху   маьIна дойтуш,  психологашка  шайн  декъехула  дуьйцуьйтуш  белхаш  бира.

Культурин  цIеношкахь,  школашкахь, дешаран  кхечу учрежденешкахь   кегийрхоша  дика   тIелоцура кегийрхойн  гIуллакхашкахула  йолчу  министерствон белхахой. Дуккха а наха баркалла а  элира.

Иштта,  мехалчу   кхин   цхьана  проектана   коьртехь   а хилира   Апти.

Нохчийн Республикин Хьалхарчу  Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров  Ахьмад-Хьаьжина   лерина   йолчу  берийн   кхоллараллин  республикански  фестиваль  дIаяьхьаран  гIуллакх дара иза.

Цул  тIаьхьа  «Вайн  заманан  турпалхо»  аьлла  республикин   конкурс   вовшахтуьйхира. ХIора   берех,  конкурсан   я  фестивалан  дакъалацархочух  дог  лозура  цуьнан.

Цацаев  Аптис  министерствос   вовшах мел тухучу   конференцешкахь,  цхьаьнакхетаршкахь   жигара   дакъалацарца  шех  дика дош   алийтина.

Шен хьекъалца, хааршца   хьуьнарца,  иза  (аналитик)  хьесапе ву  шен къоман   кегийрхойн кханенах дог лозуш,  ледар дерг дIадала  лууш, диканиг  деба  лууш.

Иза шен   нахана   юьхькIам   болуш  дика   кIант ву,  балхахь  дика  говзанча  а  ву.

Оьздадерг   шегахь а,  нахехь  а  дезаш  ву.

Ишттачара вайн халкъах  дика  ойла   кхуллу.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: