Германи кхачарх самукъадаьллера студентийн

IMG-20150630-WA0011

Дукха хан йоццуш, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтера гуманитарни факультетера иттех студент Германехь меттанийн практикехь хилира. Германерчу Фрайбург гIала яханера церан тоба. Фрайбурган хьехархойн институтехь хилира церан практика. Цига цаьрца ваханчарех цхьаъ ву 2-чу курсан студент Исхаджиев Малик. Немцойн, ингалсан меттанаш довзаран Iалашонца шайн цигахь хиллачу практикех лаьцна дийцира цо:

«Школехь доьшуш волуш дуьйна а ингалсан мотт кIорггера Iамо а, бовза а со лууш хиларе терра, тхаьш Германе меттанийн практике дуьгуш ду аьлча, цунах боккха кхаъ хилира суна. Хазахетарца лардира ас тхаьш цига новкъадевр долу де. Тхоьца, тхан Iуналла дан еана яра тхуна немцойн мотт хьоьхуш йолу Арсаханова Малютхан. Цига дIакхаьчча, Фрайбурган хьехархойн институтан проректор волу Хунэке веанера тхуна дуьхьал. Цо чIогIа дика тIе а ийцира тхо. Цу дийнахь цо тхуна хьехархойн институт йовзийтира. Цул т1аьхьа хьешац1ийне дIадигира. Иштта чекхделира хьалхара де. ШолгIачу дийнахь Фрайбург-гIала йовзийтаран Iалашонца экскурсе дигира тхо. Цигахь йолу хаза меттигаш гайтира тхуна. Музей а, парке а дигира. Суна а, сан нийсархошна а хазахийтира цигахь. Тхуна цигара ерриге а меттигаш йовза лаьара. Къаьсттина хазахийтира суна 1200-чу шарера долчу цIа чу тхаьш дигча. Цу суьйранна Хунэкес шайн цIа хьошалгIа кхайкхира тхо. Хаза хьошалла дира цо. Цул тIаьхьа, Хунэкес шайн хьун гайтира. ДIакхаьч-кхаьчначохь безамна суьрташ дохура оха. Немцойн меттанаш хьоьхучу школашкахь хилира тхо. Германе дIакхаьчначу шолгIачу дийнахь дуьйна дIаюьйлаелира тхан занятеш. Фрайбурган хьехархойн институтехь тхуна хьоьхуш бара цигара немцойн мотт хьоьхуш болу хьехархой. Цара тхайга дуьйцучунна д1ора тIаьхьа ца кхуьура тхо, делахь а, маьIнех кхетара. Тхаьш ца кхеташ цхьаъ дисча, немцойн, ингалсан меттанийн дошамех пайдаоьцура. Масех де даьллачул тIаьхьа, немцойн маттахь презентацеш кечъяр тIедиллира тхуна. Оха, шишша декъа а делла, вовшашна гIо а деш, кхочушбира тхайна тIебиллина болх. ТIаккха цара тхуна сертификаташ делира…» – дийцира Малика. Германехь ши к1ира даьккхира цара.

IMG-20150630-WA0008

Ингалсан, немцойн меттанаш кIорггера Iамо лууш болчу студенташна боккха пайдабаьлла хир бу оцу практикех. Царах цхьаберш шайн дахар доза дагахь бу оцу меттанашца. Масала, Малик гочдархо-талмаж  хила лууш ву. Лакхахь хьахийна меттанаш Iамийна  ца Iаш, цо сатуьйсу дуьненан тайп-тайпанчу пачхьалкхашка кхача (къаьсттина Ингалсехь). Вай тешна ду, цхьа хан-зама яьлча, цIеяххана болчу талмашхойн могIарехь Маликан цIе а хирг хиларх.

ЛОРСАНОВА Зарета

№ 73, еара, 2 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: