
Денна а шен цӀе гӀарайолучу Россин спецназан университетехь ду бӀаьхой кечбарехь оьшуш мел долу хьелаш.
РУС-на куьйгалла дечу Вайханов Байбетарца а, цуьнан 1-ра гӀовс волчу Пилипенко Дмитрийца а ша дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь иштта дӀахьедар дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь доккха дакъалоцуш йолчу оцу университетехь цхьамогӀа хийцамаш бан лерина хилар а хаийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Билггал аьлча, коьртачу корпусан болх дӀаболо а, Ӏалашонехь йолу гӀишлош тӀейан а, кеманийн аса тойан а лерина.
Даханчу шеран жамӀаш иштта ду РУС-хь:
— Украинехь дӀахьочу операцехь дакъалаца шайн лаамехь воьдуш волу 10 эзар сов стаг Ӏамийна;
— НР-н бакъонаш ларйаран органийн а, РФ-н оборонин министерствон а 6 эзар сов векала дакъалаьцна Ӏаморашкахь;
— Четарийн «Гудскай» а, герзаш кхийсаран а туьшийн хьаштех пайдаэцна 3,5 эзар гергга стага, шайн могӀарехь бахархой а, туристаш а болуш.
Билгалдоккху РУС-хь бӀаьхой а, салтий а Ӏаморан а, кечбаран а декъера 40 программа хилар.4изменено 09:39