
Дукхапēтарийн цӀенош тодаран болх карарчу шарахь а дӀахьур бу Соьлжа-ГӀалахь.
Дуьйцург 116 цӀа хилар билгалдаьккхина оцу хьокъехь хаам бинчу пачхьенан мэрин пресс-гӀуллакхалло.
Бан лерина болх тайп-тайпана хир бу хӀора а цӀенна:
— тхов хийцар;
— арара пенаш цӀиндар;
— йовхонан система хийцар;
— хица кхачойаран сеташ цӀинйар;
— токан сеташ хийцар;
— лифтан гӀирсаш хийцар;
— уьйтӀеш тойар;
— ученаш тойар.
Даханчу шарахь иштта белхаш дӀабаьхьнарг 103 цӀа ду.