Йоккха АтагӀа а, Жима АтагӀа а хӀоттаран тӀай тилларан болх жигара дӀахьо

Йоккха АтагӀа а, Жима АтагӀа а Орга тӀехула хӀоттаран гӀашлойн тӀай тилларан белхаш жигара а, сихонца а дӀахьош бу.

Хьалха-Мартан кӀоштан куьйгалхочо Куцаев Шемала дийцарехь, 2,5 — 3 баттахь дӀадерзо лерина иза тилларан гӀуллакх.

ГӀирсаца мел оьшуш долу гӀо-накъосталла дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.

И болх сихонца дӀаболор гӀуран беттан чаккхенехь шен хиллачу пресс-конференцехь дӀакхайкхийнера Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Хьалхуо цигахь хилла тӀай чудоьжна хиларна, керла тӀай тилларца накъосталла оьшуш, оцу пресс-конференцин гурашкахь меттигера вахархо Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца зӀене валарца доьзна дара иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: