Махкарчу Ӏеламнаха карадерзийна тӀеман а, тактикин а, медицинин а гӀуллакхаш

Коьртехь мехкан Муфти Межиев Салахь-Хьаьжа а волуш, Россин спецназан университетехь тӀеман а, тактикин а, йуьхьанцарчу медицинин а хаарш карадерзийна нохчийн Ӏеламнехан хьалхарчу тобано.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

«…7 дийнахь дӀабаьхьна уьш Ӏаморан а, кечбаран а болх. РУС-н инструкторша лаккхара мах хадийна Ӏеламнехан жамӀашна«, — йаздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Иштта, цо билгал ма-даккхара, Россин спецназан университетехь Ӏемар волуш 300 сов къеда а, молла а ву.

Ткъа Межиев Салахь-Хьаьжас дийцарехь, Ӏеламнах, хьашто хилахь, тӀеман леррина операци дӀайахьаран майданашка сихонца дӀабаха кийча бу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: