Стокгольмехь Къуръан дагоран хьокъехь дӀахьедар дина Кадыров Рамзана

Швецерчу Стокгольмехь йолчу Хонкара мехкан векалаллина хьалха сийлахь Къуръан дагорца боьзна ирча хилам бийцаре бина Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаккхарехь, и гӀуллакх, меттигерчу Ӏедало магийна хилла ца Ӏаш, политикин ницкъаша дӀадолийна хила а тарлуш ду.

«Муьлххачу хьолехь а, оцу боьхачу хиламна декъехь мел волчо, даима лаьттар а долуш, неӀалт хьарчийна тӀе. Мацах а кхетар-м бу уьш, делахь а, тӀаьхьа хир ду. Жаьжахатехь догийла шу, шайтӀанаш«, — йаздина цо.

Иштта, Къилбаседеатлантикин альянс а шайтӀанан дӀадолор а долуш, Украинехь вай цуьнан ницкъашца къийсам латтош хиларна тӀе а тидам бахийтина а, Россица доьзначу гӀуллакхашна йукъагӀерташ болу «ичкерихой», тап-аьлла, дӀатийна Ӏаш хилар а хьахийна Кадыров Рамзана.

«Хезий шуна, йийбарийн муджахӀидаш, шайна а жихӀадехь дōла, дāкъа даккха аьтто баьлла шун. Бехкениг жоьпе озор вуй? Вац?! Ца даьхьа? Дера ца даьхьа! Хечеш а лелайеш, шаьш нохчий ду аш бахаро вас йо-кх. КхидӀа мукъа ма хӀитталахь йуьхьӀаьржа«, — дерзийна республикин Куьйгалхочо шен кост.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: