Emergency лехамийн медицинин сихачу гӀоьнан дāкъа схьадиллина

Дуьненайукъарчу Emergency лехамашца догӀуш долчу медицинин сихачу гӀоьнан дāкъа схьадиллина Ш.Эпендиевн цӀарахчу Республикин клиникин дарбанцӀахь.

Оцу лехамашца догӀуш хиларца Къилбаседе-Кавказан ФО-хь а хьалхара дāкъа ду иза.

Цуьнан болх дӀаболорехь дакъалецира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

МаьӀнечу хиламца лоьраш декъалбарал сов, бахархойн могашалла кхачамечу медицинин гӀоьнца йоьзна хиларна тӀе тидам а бахийтира цо.

«Вайн коьртачу Ӏалашонех цхьаъ хилла а, йолуш а йу Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран система кхиор. ХӀинцале а баьхначу кхиамашца а догӀуш, вайн аьтто хилла медицинин хьашташ кхочушдаран тӀегӀа лакха а, алсам а даккха«, — дийцира республикин Мехк-Дас.

Даханчу шеран товбецан баттахь дуьйна къахьийгира говзанчаша и дāкъа кхолларехь а, схьаделларехь а.

Белхаш дӀабахьарехь жигара гӀо-накъосталла лаьцна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: