
Шен дӀадолорца а, хӀора шарахь а дӀахьочу гӀоьналлин «Диканиг луо» акцин 2022-чу шеран чаккхенерчу муьран жамӀаш довзийтина Кадырова Ӏайшата.
Культурин министра билгалдаккхарехь, цуьнан гурашкахь гулдинарг 7 135 000₽ ду.
Иштта, оцу ахчанах берашна дина совгӀаташ а довзийтина цо:
— 56 тилпо, 15 планшет, 32 компьютер, 16 ноутбук;
— 7 телевизор, 1 принтер, 1 роутер, ловзаран 7 гӀирс;
— 29 вилспет, 1 роликаш, 7 электромашен;
— кегийчу берашна лерина 4 гӀудалкх.
Цул сов, иттаннаш доьзалшна берийн ловзоргаш а, духарш а, мачаш а, ахчанца гӀо-накъосталла кхачар а хаийтина Кадырова Ӏайшата.