
WBC-н а, WBO-н а, IBF-н а чемпиона Бетербиев Артура шен цӀераш Ӏалашйина британхо Ярд Энтоница хиллачу латарехь а.
8-чу раундехь дӀадерзийра и латар, Ярд нокдауне а воккхуш.
Ларар чекхдаьллачул тӀаьхьа, кхеташ ма-хиллара, латар кхидӀа а дӀадахьийта реза ца хилира британхочун векалш.
Telegram чуьрчу шен каналехь Бетербиев Артур декъалвина оцу толамца Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Билгалдоккху и латар Лондонерчу «Уэмбли» стадионехь дӀадаьхьна хилар.
Нохчийн спортхочо Бетербиев Артура Ӏалашдина шен доьхкарш: WBC а, IBF а, WBO а.