Кхузаманахьлерчу лехамашца йогӀуш йолуш теннисан ишкол йийр йу пачхьенехь

Теннисан спортан ишкол йан лерина Соьлжа-ГӀалахь.

Билггалчу инвестицийн федеральни программин гурашкахь дӀахьур бу иза йаран белхаш.

Проектаца а догӀуш, 500 меттигна леринчу трибунах а, арахь теннисах ловзаран 4 майданах а, иштта, чохь ловзаран 4 майданах а лаьтташ хир йу иза.

ХӀора а ловзаран майданахь кхиэлахочунна лерина чардакх а, охьаховшаран тхов-кӀело а, серлонан система а хир йу.

Иза билгалдаьлла промышленностан а, энергетикин а министран, НР-н Теннисан федерацин президентан А.Хакимовн а, физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министран Ӏ.Ибрагимовн а хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: