Медицинин колледжехь дешнарш — шайн-шайн кӀошташка балха…

КӀошташкарчу медицинин хьукматашна белхахошца кхачойаран гӀуллакхна йукъа кӀоштийн дай а озо лерина.

Цуьнца а догӀуш, кӀоштийн дайша, шайн-шайн кӀошташкарчу медицинин хьукматашна белхахой кечбаран гурашкахь, Нохчийн медицинин колледжерчу «Ӏалашонийн дешаре» бохкуьйтур бу кегийрхой.

Цул тӀаьхьа, дешар чекхдаьлча, изза кегийрхой шайн-шайн кӀошташка йуха а берзор бу, меттигашкарчу медицинин хьукматашка балха а нисбийр бу.

Иза билгалдаьлла Могашалла Ӏалашйаран министран Лорсанов Сулейманан а, Нохчийн медицинин колледжан директоран Ферзаули Ӏелин а хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: