
Кхолламан беттан 1-29-чуй деношна лерина таллам бовзийтина Регионна урхалдаран Нохчийн Республикин туьшо.
Соцмедиашкахь хьехоран рейтинган куьйгаллехь Нохчийчоьнан Мехкан Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан ву.
Цул тӀаьхьа йогӀуш йолу 2-гӀа меттиг Москван мэра Собянин Сергейс дӀалаьцна, ткъа 3-гӀа меттиг — Москван областан губернатора Воробьев Андрейс.
ХӀокху беттан 1-29-чуй деношкахь Кадыров Рамзан соцмедиашкахь 242 993-зза хьахийна хилар билгалдоккху «Brand Analytics» системо хӀоттийначу оцу рейтинго.