
Дукхахьаштийн фехтованин комплекс йийр йу Соьлжа-ГӀалахь.
Пачхьенерчу Ахьмадан кӀоштахь хир йолчу цунна леринарг 400 млн ₽ сов ахча ду, 366 млн ₽ федерацин бюджетера а долуш.
Комплексан проектан а, сметин а кехаташ пачхьалкхан экспертизах чекхдевлла.
Билггал аьлча, и комплекс фехтованин латаршца доьзна Ӏамораш дӀадахьа а, тренировкаш йан а лерина туш хир йолуш йу.
Цул сов, могашалла меттахӀотторан белхаш а, къийсадаларш а дӀадахьа аьтто болуш а хир йу иза.
Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан физически культурин а, спортан а, кегийрхойн гӀуллакхийн а министерствос.