
630-гӀа биргӀа тойарца а догӀуш, ВНС-2 дӀайойъур йу кхана (хан: 00.00 — 18.00).
И бахьана долуш, Шайх-Мансуран а, БойсгӀаран а кӀоштийн дакъошкахь хи хир дац: БухӀан-Йурт, COVID-туш, Реабилитацин туш, Инфекцийн дарбанцӀа, Дельфинари, «Тийналла» хьешацӀа, Сайхановн ураман коьрте (ӀабдаллахӀ II бен аль-Хьусейнан, Урицкийн, Заболотнийн, Новопромыслови, Алексеевн, и.д.кх.а урамаш).
Цигарчу бахархошка хьалхе шайна хица кхачойаре кхойкху Соьлжа-ГӀалин мэрин векалша.
Иштта, хи тӀедан хьашто йолчаьрга хӀокху лоьмарца 8(922)561-51-32 (Водоканал) зӀене бовлар а доьху цара.