Нохчийн къоман Х.Нурадиловн цIарахчу драматически театро а шен дакьа юкъадуьллу наркотикашна дуьхьал къийсам латторан а, профилактика яран а пачхьалкхан программина. Кхетош-кхиоран болх ала мегар ду театран актераша Нохчийн Республикин районийн ярташкарчу хьовсархошна Нохчийчоьнан халкъан яздархочун Ахмадов Мусан «Дахаран урчакх» пьесин буха т1ехь х1оттийна спектакль гойтуш баьккхина гастролан гуонах.
Театран труппа кхечира Веданан районерчу Тевзана, Элистанжа, Шелковски районерчу Оьрза-ГIала, Невран районерчу Новр-ГIала, Шуьйта, Шарой, Хьалха-МартантIе, Курчалойн районерчу Гелдагана, иштта цIе йолчу кхин а иттех юьрта. «Дахаран урчакх» пьесин коьртачу турпалхочун Анзор жимачу стеган роль ловзош Хасанов Темирбулат вара. ТIеман хенахь доьзал хIаллакьхилла, тIехIиттинчу халонаша сих-дег1ах ваьккхина иза. Цунна «деган доттаг1» карайо – героин олу наркотик. Хьовсархошна го селхана нахана дош хеташ ваьхнарг, тахана наркотикан лай хилла дIахIуттуш. Дахаран маьIна дан а дац цуьнан наркотик йоцург. Беллачу гергарчийн ойла йича а нийсачу новкъа юха ца верзало иза. Амма, бакъду, шен хиндолчух ечу ойланаша самавоккху.
Наркотик лелочу нахах хуьлуш долчуьнга хьовса аьтто бара кегийрхойн. Шена а, нахана а оьшуш воцуш, пайден воцуш. наркотикаша хIаллаквина шайн заманхо, и спектакль бен яцахь а, ган хала, дара хьовсархошна.
Спектакль дика кечйина яра, дагах кхетар йолуш нийса хаьржинанера музыка а. И дерриге а режиссер – постановщикан Ахмадова Хьаван похIмин жамI ду. Культурин, искусствон г1ирсашца дика кхетало кегийрхой.
З.ХИЗИРОВА
№ 73, еара, 2 июль, 2015 шо