Спортан латаран туш йан йолийна пачхьенехь

Соьлжа-ГӀаларчу Ахьмадан кӀоштахь йан йолийна Р.Кадыровн цӀарах йолу Спортан латаран республикин туш.

2024-чу шарахь чекхйаккха йезачу цунна республикин бюджетера 117 млн ₽ сов ахча хьажор ду, ткъа федерацин бюджетера — 2 200 000 ₽ сов.

Иза йина йаларо белхан 79 меттиг кхуллур йу, ша туш аьтто болуш хир йу спортан латарш лаккхарчу тӀегӀанехь дӀадахьа.

Хьовсархошна лерина 2 эзар гергга меттиг а, спортхошна мел оьшу хьелаш а кхуллур ду цу чохь.

Тренировкаш йаран 8 майда хиларо дийнахь эзар гергга спортхо тӀелаца аьтто а бийр бу.

Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министерствос.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: