
Нохчийн лаьмнашкарчу «Ведучи» курортан 2025-гӀа шо кхаччалц долу кхиар жигара хир ду.
«Кавказ.РФ» йукъаралло бинчу хаамехь билгалдолу иза.
Иштта, лакхахь хьахийна 2025-гӀа шо кхаччалц йолу Ӏалашонаш йовзуьйтуш, компанин векалша хаийтина курортехь когсалазийн 13 керла трасса а, муьшан 4 некъ а тӀекхетарг хилар.
Царах 12 трасса карарчу шарахь схьабелларна тӀехь къахьоьгур ду говзанчаша.
Туристаш а, хьеший а курорте бахкаран хьокъехь аьлча, 25%-на алсамдаьлла церан терахь тӀаьххьарчу муьрехь.