Туризман а, садаӀаран а «Даймохк» комплекс йийр йу ГаланчӀожан кӀоштахь

МеттахӀотточу ГаланчӀожан кӀоштахь туризман а, садаӀаран а кластер йийр йу.

«Даймохк» цӀе а йолуш хир йолу иза инвестицийн чоьтах кхочушйан лерина.

Цуьнца доьзна гӀуллакхаш дийцаре дина Нохчийчоьнан экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Шаптукаев Рустама а, Хьалха-Мартан кӀоштана куьйгалла дечу Куцаев Шемала а, «Федерация П.С. СТРОЙ» йукъараллин векалша а.

Йуьйцучу кӀоштахь историн а, культурин а мехаллаш хиларца а доьзна, цкъа хьалха кечамийн белхаш дӀахьур бу цигахь: культурин тӀаьхьалуонийн майданаш билгалйохур йу.

Цул тӀаьхьа бен болор бац меттахӀотточу кӀоштахь инфраструктура кхолларан бух кечбаран болх.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: