
Нохчийн бакъонаш ларйаран органийн белхахой а, бӀаьхой а кечбаран болх кхин а чӀагӀбан а, эвсарбаккха а безаш бу.
Нуьцкъаллин структурийн векалшца ша дӀайаьхьначу кхеташонехь оцу хьокъехь дӀахьедар дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
«Герзах пайдаэцарца доьзна хаарш хиларал сов, каде Ӏалашонаш кхочушйан хууш а, кийча а хила везаш ву бӀаьхо. Таханлера стратеги а, тӀеман тактика а кхин йу — цундела ду вайна иза коьрта«, — дийцина Мехкан Дас.
Цо билгалдаккхарехь, цхьамогӀа кечамаш бинчу а, шайгахь алссам тактикин хаарш долчу а бӀаьхойн эвсаралла Ӏаламат хир йу тӀеман тийсадаларшкахь.