
Нохчийчу наркотикаш кхехьар а, кху чохь уьш йохкар а мегар долуш а, могуьйтур долуш а дац!
Бакъонаш ларйаран органийн векалшца ша дӀайаьхьначу кхеташонехь иштта дӀахьедар дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгалдаккхарехь, оцу декъехь беш болу болх а, дӀахьочу гӀуллакхийн эвсаралла а лакхайаккха йезаш йу.
Синтетикин наркотикашца а, церан буха тӀерачу сурсаташца а къийсам латтор къаьсттинчу тергонехь хилийтар а тӀедожийна Мехкан Дас.