
2022-чу шеран жамӀашца а догӀуш, Нохчийн Республикин боксан федераци Россехь а тоьлларг йу.
Москван областехь дӀайаьхьначу Боксан йерригроссин форумехь билгалдаьлла иза.
500 сов стага дакъалецира цигахь: 85 субъектан векалш а, цӀейаххана боксхой а, тренерш а бара уьш.
Цуьнан гурашкахь дӀадаьхьира тоьллачу федерацешна совгӀаташ дар а: 500 000 ₽-на лерина сертификаш далар.
Нохчийн Республикин боксан федерацис «2022-чу шарахь тоьлла йолу регионан Федераци» декъехь толам баьккхина.