ТӀе зениткаш хӀиттийна йолу УРАЛаш лур йу нохчийн бӀаьхойн дакъошна

Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш долчу нохчийн бӀаьхойн дāкъошна 50 сов УРАЛ лур йу.

Оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Нохчийчоьнан Мехкан Дас билгал ма-даккхара, УРАЛаш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах эцна йу, ткъа Россин оборонин министерствос царна тӀе «Шилка» олуш йолу 23 мм. зениткаш хӀиттийна.

Минотехь 2 эзар тохар далуш йолчу цаьрца вайн бӀаьхошна мостагӀийн «Леопардаш» а, «Абрамсаш» а кхераме цахилар а хаийтина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Иштта, нохчийн бӀаьхойн хӀора а дēкъана цу тайпана шишша УРАЛ кхочург хиларна тӀе тидам а бахийтина Мехкан Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: