Токхамечу майданашкара 95 доьзал дӀакхалхо лерина 2023-чу шарахь

Токхамечу майданашкарчу 95 доьзална керла хӀусамаш* лур йу карарчу шарахь.

Оцу хьокъехь хаам бина ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос.

Даханчу шарахь, токхамечу майданашкара дӀа а кхалхош, 131 доьзална (881 стаг) йина керлачу хӀусамашца кхачо.

Вуьшта, и программа республикехь йолийча дуьйна, оцу тайпанчу майданашкара дӀакхалхийнарг а, керлачу хӀусамашца кхачойинарг а 460 доьзал (3 349 стаг) бу.

Йуьйцучу программин цӀе «Россин Федерацин бахархошна кхачамечу хӀусамашца а, коммунальни хьашташца а кхачойар» йу.

———
* бюджетан чоьтах деш долу цӀенош а, оьцуш йолу петарш а

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: