«Терек» – «Халадаш» – 7:0

2898-pic510-510x340-2070

Россехь хьалхеяккхаран чемпионатана кечамбеш, Соьлжа-ГIалара «Терек» доттагIаллин матчехь цхьаьнакхийтира Венгрерчу Сомбатхей гIаларчу «Халадаш» командица.

СоьлжагIалахойн камонда тIаьхьарчу шарахь кхозлагIа ловзуш яра Венгрерчу командица. Царна юкъахь дуьххьара хиллачу цхьаьнакхетарехь нохчийн футболисташа, жамI 5:0 долуш, толам баьккхира. Цул тIаьхьа Iаьнт1ехь дIаяьхьна хиллачу матчехь эшийра (2:0) Соьлжа-ГIалара «Терек».

Чекхдевллачу мукъачу деношкахь хиллачу ловзарехь соьлжагIалахоша хьалхарчу миноташкахь дуьйна шайн кхераме тIелатарш дIадолийра. Баьхкинчу болельщикийн дукха сатийса ца дийзира счет схьаелларе. 22-чу минотехь вайн къоначу тIелатархочо Митришев Мохьмада гол туьйхира «хьешашна». Цул тIаьхьа кхо минот ялале нохчичо шен шолгIа буьрка туьйхира. Иштта, хьалхара тайм чекхъяла гергайоьдучу хенахь оццу Митришев Мохьмада кхоалгIа гол туьйхира. «Халадашан» футболисташ боьхнера соьлжагIалахой тIехдика ловзуш хиларна. Командаша садаьIначул тIаьхьа а Соьлжа-ГIалара «Терек» бен яцара майданахь гуш. «Хьеший» шайн кевнера схьабовлуш а бацара. Цу кеппара нисделлачу хьелашкахь, 48-чу минотехь, командин тергонехь волчу Мирзов Ризвана йоьалгIа буьрка туьйхира «Халадашна». Цул тIаьхьа а нохчийн футболисташ мал ца белира. Цара 51-чу минотехь счет кхин а йоккха йира. Билгалваьлларг вара Мбенгуе Аблай. Иштта, цхьаьнакхетар дIадерзале кхин ши буьрка туьйхира соьлжагIалахоша. Билгалваьлларг вара Рыбус Мацей а,  изза Мбенгуе Аблай а. ЖамI 7:0 долуш толам баьккхира вайн республикин коьртачу командо. Оцу цхьаьнакхетарца чекхъелира хьалхара сбор.

Билгалдаккха догIу Соьлжа-ГIаларчу «Терекан» премьер-лигин чемпионатана кечамбаран шолгIа сбор 3-чу июлехь йолалург хилар. Ткъа иза чекхъер ю 13-чу июлехь. Оцу итт дийнахь соьлжагIалахоша дIахьур ду диъ цхьаьнакхетар.

А.АБДУЛАЕВ

№ 73, еара, 2 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: