
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортана аэровокзалан керла комплекс йаран белхаш кхин а жигарбахар тӀедожийна.
Иза билгалдаьлла республикин пачхьенехь дӀайаьхьначу лерринчу кхеташонехь.
Коьртехь Россин Пачхьалкхан думин депутат А.Делимханов а волуш хиллачу цигахь Нохчийчоьнан Премьер-министра М.Хучиевс а, вице-премьера — бахамца а, лаьттаца йолчу йукъаметтигийн а министра Хь.Кадыровс а, транспортан а, зӀенан а министра Р.Черхиговс а, кхечара а дакъалецира.
Кхеташонехь, лакхахь билгал ма-даккхара, белхаш жигарбахар а тӀедожийна, иштта, хӀинцале а бинчу белхийн хьокъехь дерш а дийцаре дина.
Цул сов, инженерин сеташ тӀейалоран гӀуллакх а эцна къаьсттинчу тергоне.