
Шуьйтан а, Итон-Кхаьллан а кӀошташкарчу 3 йуьртан ишколашкахь кхачанан чоьнаш йеш йу.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис и белхаш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах дӀабахьар а билгалдаьккхина.
Йартийн хьокъехь аьлча, йуьйцург Шуьйтан кӀоштара Лаха-Варанда а, Бекум-Кхаьлла а, иштта, луларчу кӀоштара Итон-Кхаьлла а йу.
Кхаа а йуьртарчу ишколашкахь белхаш жигара дӀахьош бу.
Министра тӀе тидам бахийтарехь, керла йечу кхачанан чоьнашкахь лехамашца догӀуш мел долу хьелаш кхуллур долуш ду.