Хенан хӀоттаман хьал чолхе дāла тарлуш ду! Ларлуо!

Гидрометеорологин нохчийн туьшо бинчу хаамца а догӀуш, герггарчу деношкахь (буьйсанашкахь къаьсттина а) хенан хӀоттаман хьал чолхе дāла тарлуш ду Нохчийн Республикехь.

Цундела ду некъан боламан дакъалацархой тидаме а, ларлуш а хилар маьӀне: некъан боламан бакъонаш а, чехкаллин раж а, машенашна йукъахь хила йезаш йолу йохалла а ларйарца.

Сирла, къегина, серло йухатохаран гӀирсаш болу духар лелор а, лерринчу асанех кечбинчу тачанашна тӀехула дехьабовлар а маьӀне гӀашлошна а ду.

И лехамаш кхочушбаро некъан боламан кхерамзалла Ӏалашйан аьтто бийр бу.

Махкахой, шаьш а, шайн гергарнах а ларбе!

Иштта кхайкхам бина Некъан боламан кхерамзаллин пачхьалкхан автоинспекцин Урхалло.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: