Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана кадам бина туркойн а, шемахойн а халкъашка

Мохкбегоран бохамаш хиларца а догӀуш, туркойн а, шемахойн а халкъашка кадам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

«Ӏаламан бохам бахьана долуш, шайн гергарнаш а, бевза-безарш а кхелхинчаьрга кхаьчначу халахетаран дакъа тхуна а кхочу«, — йаздина Нохчийчоьнан Мехк-Дас Telegram чуьрчу шен каналехь.

Иштта, шен а, нохчийн халкъан а цӀарах кадам а бина цо Хонкаран а, Шемин а куьйгалхошка а, халкъашка а.

«Кхелхинчеран гергарчарна ийманехь долу собар а, зенаш хиллачарна ницкъ а лойла Веза-Воккхачу Дала! Баккъал а, вай АллахӀера а ду, Цуьнга йухадерза дезаш а ду!«, — билгалдаьккхина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: