
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу аэропортехь дӀахьош болу белхаш а толлуш, цигахь хилла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.
Шен къамелехь Мехк-Дас билгалдаьккхина и проект доккха маьӀна долуш хилар, хӀунда аьлча, кеманаш дӀасалеларан географи шорйарал сов, республикин а, Россин Къилбан а социальни-экономикин кхиарна цунах Ӏаткъам хирг хиларна.
«Аэропорт кхузаманахьлера а, хаза а, атта а хила йезаш йу вайн бахархошна а, республикин хьешашна а, туристашна а«, — дийцина цо.
3,2 км йеха а, 60 м шуьйра а аса а, 18 гӀишло а хир йу аэропортан кертахь.
Царах башха хир йу аэровокзалан терминал — Россехь а шех тера кхин терминал а йоцуш, авторша хаза кечйина комплекс.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана хаийтина говзанчаш а, гӀишлошйархой а цигахь жигара къахьоьгуш хилар.
Цул сов, инженерин сеташ а, коммуникацеш а тӀейалоран гӀуллакх кхиамца кхочушдеш хиларна тӀе тидам а бахийтина цо.