Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу университетхь хилла Кадыров Рамзан

Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу университетехь хилла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.

Инвестицийн и башха проект дӀатарйелла 26 га майданахь.

Нохчийн Республикина а, Россин Федерацина а маьӀне проект ларалуш йу иза.

8 корпусах лаьтташ йолу кампус йина йаьлла. Царах 3 корпус дешаран йу, 2 835 дешархочунна лерина а йолуш.

Университетан буха тӀехь схьайоьллур йу Москван пачхьалкхан университетан филиал а, Ингалсан мотт Ӏаморан туш а.

Цул сов, божаршна а, зударшна а лерина 2 фитнес-зал а, бассейн а, лоьрийн чоь а, спортзал а, кафе а, туьканаш а, кхачанан чоь а, 2 йукъарӀойла а, арахь спортан майданаш а хир йу.

Цигарчу хьолана реза хилира республикин Мехк-Да, иштта, вовшахтохараллин гӀуллакхаш сихонца а, кхачаме а чекхдахар а тӀедожийра цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: