Баркалла, лор!

Дукха хан йоцуш ТIехьа-МартантIера яхархо Мирзуева Умри, инсульт а хилла, вочу хьолехь а йолуш районан больнице кхечира.

Цу чу кхаьчначу минотехь дуьйна лоьраш цунна шайн ницкъ ма-кхоччу дарбанаш лелон буьйлабелира.

Больницехь  даьккхинчу итт дийнахь Мирзуева Умрина хиира, лор  дархочунух дог лозуш, цуьнга хьажаро, мерза дош аларо  лазар  дайдеш хиллийла. Ишттачарах цхьаъ ю цу больницехь болх беш йолу терапевт Гунашева Раиса.

Иза дика лор хилла ца 1аш аьхна адам а ду. Соьга чIогIа лерина хьаьжира иза. Дела реза хуьлда цунна. Шен балха тIехь кхиамаш, доьзалехь ийман-беркат ма эшадойла цунна. Иштта адамалла йолуш, догцIена, к1орггера хаарш долу лоьраш ма латтабойла вайна, – бохура Мирзуева Умрис.

Дала маршала дойла, эзар балех, цамгарх яьлларг хуьлда Умри.

З.ЛЕЧИЕВА  

№ 73, еара, 2 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: