Кадыров Рамзан: Нохчийчуьра Ӏалам цхьаьнгга а бехдойтур дац

Нохчийн махкахь Ӏалам бехдар цхьанна а могуьйтур долуш а, цхьаьнгга а бехдойтур долуш а дац.

Ша куьйгаллехь а волуш дӀайаьхьначу кхеташонехь оцу хьокъехь дӀахьедар дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

«Гуонахара Ӏалам лардан декхарийлахь республикин бахархой хилла ца Ӏа — изза декхар ду предприятешна а, организацешна а, хьукматашна а тӀехь«, — билгалдаьккхина Мехк-Дас.

Оцу декъехь долу кхачамбацарш дӀадахарехь къахьоьгур ду Ӏаламан тӀаьхьалуонийн а, гуонахара хьал лардаран а, Йуьртан бахаман а министерствоша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: